Зазадоккху-беттан 28-гIа тезетан де кхайкхийна Оьрсийчохь

Зазадоккху-беттан 28-гIа де тезетан де кхайкхийна Оьрсийчохь, Кемерово гIалахь махбаран центрехь цIеялар бахьана долуш адамаш кхалхарна.

Официалан болчу хаамца, цигахь велла 64 стаг. Царна юкъахь дуккха а бераш ду.

Оьрсийчохь тезетан де кхайкхочу указана тIе куьг таIийна президенто Путин Владимира.