Шляпа-Жимахверг аравала везаш ву колонера (видео)

Шляпа-Жимахверг (Гегечкори Руслан).

Къилбаседа Кавказерчу тутмакхашца дов лелош волу Шляпа-Жимахверг дIахеца везаш ву тахана, Зазадоккху-беттан 28-чу дийнахь, тутмакхаш латточу колонера, хаам бо "Прайм-Крайм" интернетан зорбанан хьастано.

Тыва-махкарчу набахтехь маьждигна тIе а летта, ламаз дечу вайнахана а, дагестанхошна а йиттинчу тобан хьалханча лоруш волу Шляпа-Жимахверг (Гегечкори Руслан) вен кхачийнера «цIе лелачу» нохчаша а, дагестанхоша а.

И дов дерзо гIерташ бара бехкевечун да Шляпа-Воккхахниг (Гегечкори Роланд) а, цуьнан гонера кхиболу мафиозеш а, бохуш яздора Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша.

Бекхамна арабевлларш кхераме а лоруш, Шляпа-Жимахниг кхечу набахте а ваьккхинера, верах хьалхавалийта гIерта Оьрсийчоьнан набахтийн системан урхалло. Цунах лаьцна хаам бинера, масала, Росбалт-агенталло.

Дов дерзаза ду цкъачунна. Я доьрзур а дац Шляпа-Жимахчо ша эшамбина нах къинтIера баххалц, аьлла хета Росбалтца къамел хиллачу криминалан авторитеташна.

Стохка гурахь Шляпа-Жимахверг варе вира, колонера араваьлча Оьрсийчуьра дIа ца водахь, иза нуьцкъала махках воккхур ву аьлла. Гегечкорис бинчу хаамца, цуьнан ду Украинин паспорт.