Соьлж-ГIалахь цIеяларан бахьана хиъна говзанчашна

Соьлж-ГIалахь 12-зза тIекъелдинчу цIен тховх цIе ялар бахьана хилла адамийн бехкенна. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан орцаллан министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо, цIеяйархойн белхана терго ечу пачхьалкхан коьртачу инспекторо Залаев Резвана аьллачунна тIе а тевжина.

Залаевс дийцарехь, цIе яьлла тхов тIе волучу меттигана кхо метр генахь. И бохам хилла аьлла хета говзанчашна, йогуш йолу цIе тхов тIе яьккхарна. Хилларг къастор долуш ду кхин дIа а.

Соьлж-ГIалин юккъехь А-Хь. Кадыровн урамехь долчу 12 гIат йолчу цIенох цIе яьллера Зазадоккху-беттан 26-чу сарахь. 19 сахьт 47 минот яьлча цIе дIаяйина шаьш аьлла, дIахьедар динера Iедалхоша. Болчу хаамца, яьгнарш яра техникан хьашташ кхочуш дон чоьнаш а, ткъа иштта тхов а. Адамийн петаршна тIе ца кхаьчнера цIе.