Telegram мессенджер болх бечура сецна Оьрсийоьнан Европерчу декъехь а, Украинехь а, Белорусехь а, ткъа иштта Нидерландехь а, Италехь а Словакехь а. Цу кепара хаам баржийна Downdetector сервисо.
Мессенджер кхоллархоша бакъдина Telegram-ан проблемаш хилар. Кхачамбацар дIадоккхуш ду шаьш аьлла, хаам баржийна цу компанино.
ТIаьхьо Telegram кхоьллинчу Дуров Павела дIахьедар дина, хилларг ток дIаяларца доьзна ду аьлла.
Оьрсийчоьнан Роскомнадзоро дIахьедар дина, шайн урхаллан бехке яц Telegram болх бечура сацарца аьлла.
Хьалхо Роскомнадзоро 15 де деллера Telegram-на, низамо бохург кхочуш а дина, Федералан кхерамазаллин сервисе шифран догIанаш дIадала. Цул тIаьхьа цу мессенджерна блок хIоттор доьхуш суьде кехаташ хьажо мегаш ду шаьш бохура урхалло.
Стохка шо чекхдолуш, шифраш схьаяста догIанаш ца делла аьлла, Telegram-на гIуда туьйхира 800 эзар сом барамехь. ХIинца и мессенджер дIакъовла мегаш ю Оьрсийчохь.