Красноярскерчу ИК-31 колонера дIахецна Гегечкори Руслан (Шляпа-Жимахверг). Цунах лаьцна боцца хаам бина криминалаца боьзначу нахах лаьцна яздечу primecrime интернетан портало.
Шляпа-Жимахволчуьнан цIе гIараелира цо Тыва-махкарчу набахтехь динарг бахьана долуш. Шен цуьхIаршца цхьана и тIелеттера набахтерчу маьждигна. Цу чохь ламаз дечу вайнахана а, дагестанхошна а йиттинера цуьнан тобано. И бахьаана долуш вен кхачийна ву иза «цIе лелачу» нохчаша а, дагестанхоша а.
Бекхамна арабевлларш кхераме а лоруш, Шляпа-Жимахниг кхечу набахте а ваьккхинера, верах хьалхавалийта гIерта Оьрсийчоьнан набахтийн системан урхалло. Цунах лаьцна хаам бинера, масала, Росбалт-агенталло.
Дов дерзаза ду цкъачунна. Я доьрзур а дац Шляпа-Жимахчо ша эшамбина нах къинтIера баххалц, аьлла хета Росбалтца къамел хиллачу криминалан авторитеташна.
Карарчу хенахь "низамехь къу" лоруш волу и стаг мичахь ву хууш дац.
Стохка гурахь Шляпа-Жимахверг Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн векалша варе вира, колонера араваьлча Оьрсийчуьра дIа ца водахь, иза нуьцкъала махках воккхур ву аьлла. Гегечкорис бинчу хаамца, цуьнан ду Украинин паспорт.