Нохчийчохь жимачу кIанта ядийна лулахойн "Волга"

Архивера сурт.

Терго ечу камеро яьккхина видео хIоттийна YouTube хIостинге, хаам бо 360tv.ru сайто.

Цу тIехь гуш ду жима кIант, машенна чу а хиина, иза йолаялийта гIерташ хилар.

Жимма хан яьлча машенна тIебовду баккхийнарш, иза "ядо" гIоьртинарг сацо дагахь. Амма беран аьтто болу иза дIайолаялийта. Масийтта метр дIа а йоьдий, соцу "Волга".

ТIаккха аьто болу жима кIант машенара воссо. Уккалх хӀума а тухий, дIахоьцу иза.