Буланаш юхайогIуш ю Кавказе

Заманаш хьалха шайн лаьмнашакахь яьхна, амма Iаламца шога леллачу адамаша хIаллакйина акхарой меттахIиттош бу кавказхой.

Къилбаседа ХIирийчоьнан Дигорарчу лаьмнашка хьалхо "юхадалийра" сеш, хIинца рагI ю буланийн. "Турмон" цIе йолчу метте хоьцур ю Рязанерчу Iалам Iалашдечу зонехь йина 10 була, хаамбо «Медиарязань» агенталло.

Дуьненан ЦIечу Тептара язйина ю йовш лаьтта буланаш.