Нохчийчохь пурстоьпаша 113 миллион сом схьадаьккхина бахархошкара

Нохчийчуьрчу кхелан пурстоьпаша тIаьххьарчу кхаа баттахь 113 миллион бахархоша тIехьерчийна декхарш схьадаьхна.Шо доладелчхьана кхелан пурстоьпийн урхалло шен чоьте эцнера 140 эзар нуьцкъаша ахча схьадаккха билгалбевлла бахарахой. Царех 37-ммо декхар текхна. Доккхачу декъанна пачхьалкхан декхарш хьаьрчинера бахархойх дIаяла еза ял а, административан гIуданаш а бахьана долуш.