Your browser doesn’t support HTML5
Шегара кIант дехоша дIа а ваьккхина, цунна ша тIекхочуьйтуш яц аьлла, латкъам бинера Нохчийчуьра яхархочо Магомадова Элитас. КIант хиллачу майрчо лачкъийна дIавигина хилла цуьнан. Цул тIаьхьа да ша велла некъан бохамехь. Дехошкара шега схьавоьхуш, кхеле яьлла хилла Магомадова. Амма цигахь а дехой бакъ бира.
Масех шо хьалха, гIуллакх луьстучу хенахь, и кIант схьавелла цуьнга, амма тахана Европерчу кхело шен агIо а лаьцна сацам бар, шена доккха хIума хета, ша бакъ хилар гойту дела, элира Магомадова Элитас Маршо Радиога йистхуьлуш: "Суна хазахета иштта сацам бина. Цо гойту оцу хьолехь, юьхьанца дуьйна со нийса хиллийла. КIант я да а воцуш, я нана тIекхача йиш а йоцуш вара. Дас дIавигинчул тIаьхьа цуьнан 4 шо а дацара. Цунна Iаткъам а, стресс хиллера соьгара дIаваьккхича".
Европера кхело иштта сацам бинехь а, шена и гIулалкх кхоччуш дирзина ду аьлла ца хета Магомадова Элитина: "ТIейогIучу хенахь кIентан дехошкара сайна бала хира бу аьлла хета суна. Со кхоьру Нохчийчу яха, цара сайна цхьа новкъарлонаш ян мега дела. КIантана чIогIа лаьа цига ваха. Суна а лаьа. Тхан цигахь ненан а, ден дай ма бу".
Магомадова Элитин гIуллакх Европерчу кхеле кхачийнарг ю "Низаман инициатива" цIе йолу бакъонашларъяран цхьанатохаралла. Цуьнан декъашхочо Гнездилова Ольгас билгалдаьккхира, и зуда саннарш Нохчийчохь дуккха а хилар: "Магомадова Элитин санна долу гIуллакхаш дукха ду Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Иштта аьрзнаш дукха ду тхоьгахь. Зудий-майрий дIасакъаьстича, беран Iуналла дега дIало кхелаша. Наношна бакъо ца ло уьш ган а.
Европерчу кхело сацам тIеэцна арз динчу хIокху зудчун бакъонаш Европерчу конвенцин 8 артикалехь юьцуш йолу Оьрсийчоьнан Iедалша йохийна аьлла. Цара гIо ца дина и доьзал цхьанатоха а, нана берана тIекхача а".
Нохчийчуьра дин дайша уггаре а дукха луьстуш долу девнаш хьакхалуш ду бераш къовсарх. Церан а, иштта ду динехь бен кхин олийла дац. Цаьргахула а гIо ца хилча, шуьйра даржадо шайн арз зударша.
Масала, Шелара ю ша бохучу хIокху зудчо санна. Цо Кадыровга доьхуш дIахьедар дина шен ши кIант дехошкара схьавоккхуш, гIодахьара аьлла: "ГIийла лелош вара ас и шиъ. Ас вочу некъа тIевоккхур а вацара и шиъ. Сайн шина кIантана тIе куьг диллина гIийла нана яра со. Оцу берех паспорт а дина, йолаелла лелаш нана а яцара со. Сайн ши кIант схаьвалар доьхура ас, гIодахьара ахь суна. Схаьвалийтахьара ахь и шиъ".
Нохчийчуьра кхелаш боьхначу доьзалера бер хьаьнца Iийр ду аьлла, луьстучу хенахь, дукхачу декъахь, дехой бакъ бо.
Лелош дерг Оьрсийчоьнан низам далахь а, мелла а къоман Iадаташ а юкъатуху цига. ХIунда аьлча, бера доккха хилча, цо дIа мел боккху ког дехошна жоьпалле боьрзу. Уггаре а дика дIасакъастар бера цхьанца Iар а, вукхунна линчу хенахь тIе а кхочуьйтуш. ТIаккха бера, ша ловзош долу тайниг санна къа а ца хеташ дIасаийзора дац.