Нохчийчоьнан лаьмнашкахь хьаьттан кхерам хиларх хаийтина орцанхоша

Къилбаседа Кавказан 4 регионехь хьаьтт хила кхерам бу аьлла, хаамаш баржийна Нохчийчоьнан орцан министралло.

КIирандийнан сарралц хьаьтт яран кхерам лаьттар бу Кубанан, Адыгейн, ГIалгIайчоьнан, Нохчийчоьнан лаьмнашкахь аьлла, билгалдаьккхина орцанхоша.