Зудчух летарна набахте кхайкхийна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна

Шен хIусамненах леттачу ГIалгIайчоьнан Мужичи юьртарчу 34 шо долчу вахархочунна кхо шой ах шой хан кхайкхийна набахтехь яккха. Мехкан прокуратуран пресс-гIуллакххоша бина и хаам.

"Кхело бинчу талламашца, ялх беран дас, къаьркъа а мелла, шен зудчунна йиттина, лечу хьоле ялийна хилла иза", -аьлла бу хаам.

Зудчун кхелан-медицинан экспертиза йинчул тIаьхьа, цуьнан могушаллина даккхий зенаш дина хилар а чоьте а эцна, 3,5 шо хан тухуш, сацамбина кхелахоша.