ХIомсерчу Шеман Iедалан тIеман ницкъийн Шайрат авиабазина тохарш дарна шаьш декъа дац, аьлла дIахьедар дина Пентагоно. Карарчу хенахь цу кIоштахь цхьана а кепара тIеман операцеш дIахьош дац шаьш, боху Iамеркан тIеман министраллан векло, хаам бо Reuters агенталло.
Шемарчу Шайрат авиабазина шинарин дийнахь ракеташ тоьхна аьлла хаам бинарг ю меттигера SANA агенталла. Тохарш динарш муьлш бу къастош ду Асдан Iедал. Агенталло дийцарехь, Шеман стигал ларйон системо схьалецна цига хьажийна йолу ракеташ.