Нохчийчуьра депутаташ борделе бига дагахь ву Милонов

Милонов Виталий.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Милонов Виталийс НСН луьра критика йина цу пачхьалкхарчу хьалхарчу борделана, хаам бо "Национальная служба новостей" агенталло.

"Москва-Ситехь" Оханан-бутт чекхболуш схьайоьллур йолуш ю Оьрсийчохь хьалхара бакххийчарна хьажийна Dolls Hotel (Тайнагийн Хьешан ЦIа) олу самукъадаккхаран центр, болх беш LumiDolls бордель а йолуш.

Милоновс ша вуно реза ца хилар хаийтира цу гIуллакхана. НСН-н эфирехь цо дIахьедар дина, ша цигара хьал талла гIур ву, шеца ММА латархой а, Нохчийн Республикан цIарах болу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутаташ а эцна аьлла.