ГIаттамхочунна гIо дина аьлла хан кхайкхийна Теркйистерчу вахархочунна

ТIемалочунна ахчанца гIо дина аьлла бехк хьарчийна, кхо шо хан кхайкхийна Теркйистерчу кIоштан вахархочунна. Талламчаша даредарца, 2014-чу шарахь ЧIуьлга-юртарчу цхьана жимчу стага 20 эзар сом даьккхина хилла гIаттамхойн могIаршкахь хиллачун банкерчу чоьта тIе.

Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 205-чу артиклца а догIуш (террорхошна гIодарна) 5 шарера 15 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу бехкевечунна.

Амма бехкевечун дохковалар а, гIуллакх талларехь талламхошна гIо дар а юьхьар а эцна, Теркйистан кIоштан кхело кхо шо хан тоьхна цунна аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталле.