Кадыров: Нохчийчохь болх беш ю Telegram

Республикехь Telegram месcенджер болх беш хиларх хаамбина Кадыров Рамзана. "Цхьа Дала делла меттиг хир бу-кх хIара", - аьлла цо.

Иштта Кадыров тIетайна Пачхьалкхан Думан дуьнеаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Слуцкий Леонидан Telegramе язвалар а, дуьйцу "Интерфаксо".

"Марша вогIийла сан ваша, Пачхьалкхан Думан дуьненаюкъарчу комитетан куьйгалхо Слуцкий Леонид @slutsky_l", - яздина Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь.

Роскомнадзоро, Telegram мессенджеро наха вовшашка дIасакхоьхьуьйту йозанаш деша аьтто лун догIанаш ФСБ-не дIа ца делча, арз динера Москохарчу кхеле. Иск теллинчул тIаьхьа кхело сацамбира, Telegram дIакъовлуш.

Интернетан белхан принципаш евзаш цахиларна Роскомнадзор бехкейира цхьа могIа социалан машанаша.