Лакхарчу Ларсера хьал шен Iуналле эцна полисхоша

Гуьржийчу боьду некъ.

Къилбаседа ХIирийчохь полицино шен Iуналле эцна Лакхара Ларс олучу меттехь Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а донанехь лаьтташ долу хьал. Цу меттехь некъ то беш ду Гуьржийчоьнан Iедал.

Хьалхо социалан машанашкахь видио яржийнера чекхволюуьйтучу пунктехь транпорт дукха гулъяларна латарш хуьлуш яьккхина йолу.

Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а дозанехь дукха яккхийн раьгIнаш хиларна, сих-сиха девнаш дуьйлу дехьа-сехьа бовла гIертачу нехан.