Соьлж-ГIалахь транспортана дIакъевлина юккъера урамаш

Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша таранспортана дIакъевлина Соьлж-ГIалин юккъера урамаш. Иза доьхзна ду цу гIалахь Хьалхарчу майна хьажийна демонстраци ярца.

"Кавказский узело" бинчу хаамца, цу акцехь дакъалаца декхарелахь бина бюджетера алапа лучу меттигашкара белхахой а, студенташ а.