Москох даздаршкахь дакъалоцу 20 стаг лаьцна полицино

Москох. 1.Стигал.2018.

Полицино Москох гIалин юккъехь лаьцна, Хьалхара Май даздеш хиллачу демонстрацехь дакъалоцуш волу 20 сов жигархо. Цунах лаьцна хаам бина "ОВД-Инфо" портало, дIалаьцначаьрна юкъахь йолчу юкъараллан жигахочунна Медведева Анастасияна тIе а тевжаш.

Цо дийцарехь, лецнарш бу психожигархойн ковранан декъашхой. Церан болам бу коьртаца лазарш долчу нехан проблемашна Iедалан тидам тIебахийта гIерташ.

Медведевас дийцарехь, лецначарна юкъахь бу заьIапхой а, кхетамца галбевллла нах а, ткъа иштта 2 кхиазхо а.