Полшера журналист 30 шаранна араваьккхина Оьрсийчуьра

Мацейчук Томаш.

Оьрсийчуьра депортаци йина Полшерчу журналистана Мацейчук Томашна. Оьрсийчоьнан Iедалша дихкина цунна 30 шарахь шайн махка юхаван.

Стигалкъекъа-беттан 2-чу дийнахь Мацейчук сацийнера Москох "Домодедово" аэропортехь, паспортан контролах чекхволуш. Цуьнга дозанхоша хаам бина, иза "персонана нон грата ю, Донбассехь хиллачу тIемашкахь Украинин националисташкахьара дакъалацарна" аьлла.

2016-чу шарахь ТВЦ телеканалехь "Право голоса" программа дIаязйеш тасадаларехь дакъалаьцнера Мацейчука. Полшин журналистана, муьшка а йина, дов даьккхинарг вара программа дIахьош волу журналист. Таккха Мацейчуках лата хьаьвдира цу программе дакъалаца кхайкхина болу меттигера политологаш а, аналисташ а, политикаш а бу аьлла кхайкхина нах.