Your browser doesn’t support HTML5
Юсупов Iилман
САЛЛАР
Хьоьх нIаьна ала со ца хIутту, сан хьоме саллар*,
Исбаьхьа ойланаш юй хууш хьан коьртехь IаьIна.
Комаран диттан гIаш ду-кха хьан баьццара кхаллар,
Адамо къобалдан хьакъ ду хьан дахаран маьIна.
Iаламат хала ду мах хадон муьлххачу белхан
Оцуьнан чаккхенга диллина вар-валар хилча.
Цаьцваьлла со хир вуй хаарна хьайн сина велха,
Ахь шек а ца болуш, тIеуьйзу Iожалла ирча.
Хьайна тIе хаддаза хьерчадеш дуткъа тай къоьжа,
Эххар цо хорамбой, хьо цуьнан кIоргенехь ле-кха.
Хьан сирла каш хуьлий дIахIутту ахь бина гоьжа -
Азаллехь ахь юьхьарлаьцна хьан Iалашо лекха.
И листа волалахь, бекар бу цхьа зевне чилла -
Ахь цкъа а дешанза хьан кхиэлан тIаьххьара жайна...
Ахь доггах хьегна къа цуьрриг а эрна ца хилла:
Адаман хьашташа тIеоьцу и чIогIа тайна.
...Сан деган салларна тIехьерчаш, могIанийн теша
ГIеметтахIоттош бу сан иллийн мукъаме гоьжа.
Жимлучу рицкъанан ницкъах со ца вуьту теша
Комаран гIаш санна, оьгучу сан коьртан чоьша...
Лахьтанан гоьжанахь хууш сайн дезар дуй Iилла,
Ас оццул къахьегча, ца лоьхуш хастам а, ял а,
Хир бац-те мацца а сан байтех мел баьлла чилла
Сох бухадуьсучу иэсана цхьа бедар ялла...