Iамерке дӀакхачийна Къилбаседа Корейно дIахецна кхо Iамеркахо

Дональд Трамп.

Къилбаседа Корейхь маьршаваьккхина кхо Iамеркахо тIехь волу Iамеркан пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан кема охьахиъна Мэриленд штатерчу Эндрюс тIеман-хIаваан базехь. Царна духьал вахана вара Iамеркан президент Трамп Доналд.

КIайн ЦIен зорбанан сервисо бинчу хаамца, маьршабаьхна Iамеркахой лоьрашка гIо дайта эшахь а аьлла дIабигна Мэрилендерчу Къоман тIеман-медицинан центре.

Къилбаседа Корейхь маьршабаьхнарш берш а корейхойн къомах бу. Уьш болх беш хилла Пхеньянерчу Iилманан а, технлогийн а университетехь.