Кхиазхой митингашна юкъаийзорна таIзар дийр ду Оьрсийчохь

Цхьааллин Оьрсийчоь партин депутаташа Пачхьалкхан Думе кховдийна кхиазхой Iедалша магийна йоцчу митингашна юкъаийзорах лаьцна низаман проект.

И низам дохийначу нахана я гIуда тухур ду 500 эзар соьме кхаччал, я чубухкур бу, 15 де ха а тоьхна.

Чиллан-баттахь Путин Владимира декхарелахь йира чоьхьарчу гIуллакхийн министралла, кегийрхой магийна йоцучу акцешна юкъаийзо гIертачу тобанаша лелош дерг "хаддош сацаде", ткъа церан куьйгалхой жоьпе ийзабе аьлла.

Кху беттан 5-чохь Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь Путинан инаугурацина хьажийначу акцешкахь дакъалаьцна 1600 стаг лецира полицино. Царна юкъахь бара кхиазхой а. Полисхоша берийн куьйгаш хьийзош даьхначу сурташ гина эргIадбеллера нах.