ГIажарийчоьно емал дина Израило Шема ракеташ еттар

Архивера сурт.

ГIажарийчоьнан Iедалша емалдина Израило, тIеман объекташ туху аьлла, Шеман территорина тIе ракеташ а, бомбанаш а еттар.

ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало дIахьедар дина, Шеман бакъо ю аьла "агрессина дуьхьало ян" аьлла.

Iамерко а, Евробарто а хьалха дIахьедар динера Израилан бакъо хилар Шеман пачхьалкхара схьалучу агрессина дуьхьало ян .

Евробарто а, Францино а, Германино а кхайкхийна Израиле а, ГIажарийчоьне а дов марса даккха гIертар дитаре.

Цу тайппа кхайкхамца дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлин секретаро а.