Каталонин куьйгалхо хоржурш ву меттигерчу парламенто

Испани, Каталони, кхаж тасар. Архивера сурт.

Каталонин парламенто автономин куьйгалхо хоржуш кхаж тосур бу тахана, шоьтан дийнахь. И мохк Испанех бозуш боцуш хиларехьа болу депутаташа цу дарже хьалхатеттина Торра Ким.

Каталони Испанин дакъа хила деза аьлла хетарш дуьхьал бу цу кандидатурина.

Хаамийн гIирсаш яздарехь, хьалхарчу муьрехь ца харжа а мега Торра, амма шолгIачу муьро толам бан мега цунна – парламентехь дукхахберш бу Каталони йозуш йоцу пачхьалкх хила еза аьлла хетарш.

Хьалхо Каталонин Iедалан куьйгалхо хиллачу Пучдемон Карлосан кандидатура юха а хьалхатеттинера сепаратисташа. Амма цунна шена ца лиира юха а цу дарже хIотта.

Пучдемон карарчу хенахь махкал арахьа ву. Испанин Iедалша бехке веш ву иза Каталонехь, адам карзах а даьккхина, гIаттам айа гIортарна.