ГIалгIайчуьра батальон Шема яха новкъаяьлла

Кхаарийдийнахь машархочун миссица 393 эскархочух лаьтта тIеман полицин батальон хьажийна шаьш Шема аьлла, хаамбина ГIалгIайчоьнан Iедалша. Байначу баттахь Шемара юхабирзинчу полисхошна мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека совгIаташ дира. "Шемарчу хьоло а, Оьрсийчоьнан интересаша а оцу Iарбойн пачхьалкхехь вайн тIеман дакъош хила дезар тIечIагIдо", - аьлла Евкуровс эскархой новкъабохучу хенахь, яздо Iедалхойн официалан сайт тIехь.

Инстаграмерчу шен агIон тIехь билгалдаьккхина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо 393 тIеман полисхо воьдуш хиларх Шема.

"Шемахь машаран хIоттийна раж а, къепе а ларъеш, шайн декхарш кхочушдийр ду оцу кегийрхоша", - яздина Евкуровс.

Карладоккху, тIеман полицин батальонаш Нохчийчоьно а, ГIалгIайчоьно а Шема хьийсайо 2016-чу шарахь дуьйнна.