Титиевна накъосталла деш пикеташ хилла Москох

Титиев Оюб.

Москох Оьрсийчоьнан президентан администрацин гIишлонна хьалха шайн накъостана "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочунна Титиев Оюбана гIортор еш цхьалха пикеташ дIаяьхьна бакъонашларъярхоша.

Дечкен-баттахь Нохчийчохь лаьцна волу Титев чувоьллина ву Мангал-беттан 9-гIа де тIекхаччалц. Титиевн гIо лоцу агIо тIера ца йолу и гIуллакх харц кхоьллина ду бохучунна.

Дуьненаюкъарчу коьрта бакъонашларъярхойн вовшахтохараллаша кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, Титиев дIахеца аьлла.