Your browser doesn’t support HTML5
Мамакаев Мохьмад. Даймохк
Ницкъ, сий, къуоналла, кхидерг а,
Массо а дIагIур ду,
Безам а дIагIур бу...
Амма уьш массо а тарлуш ду-
Вай вешан Даймахкахь дисчахьана.
Сийлахьа цIе йоккхуш хьо хиларх,
Некъ дика хилла хьо дIалеларх,
ДоттагIца, нускалца хьо вахарх,
Хьал хилла, мотт кIеда хьо дIавижарх,
Херехь хьо ирс долуш вехар вац.
Шийлачу шовдано лам бохбац,
Шан арахь бецан хал тIедалац.
Мацваларх ахь даар дуур дац,
Чам кхеташ хин къурд а балур бац
Даймахках къаьстина висинчохь.
Ницкъ, сий, къуоналла, кхидерг а,
Массо а дIагIур ду,
Безам а дIагIур бу...
Амма уьш массо а тарлуш ду-
Вай вешан Даймахкахь дисчахьана!