Lada Priora кхин йийр яц "АвтоВАЗехь"

Оьрсийчоь -- Lada Priora-н конвейер.

"АвтоВАЗо" шен конвейер тIера дIайоккхуш ю Lada Priora автомашен, хаам бо Кавказ.Реалиино. Иза хир ду Марсхьокху-баттахь.

Priora йоцург ВАЗ-о йийр яц кхин Lada Granta а, Lada Kalina а.

"Кавказ.Реалиино" яздарехь, Дагестанехь кхушеран хьалхарчу кхаа баттахь йоьхкинчу автомашинех 60 процент яра Lada-наш. Цу гайтамехь и республика хьалхара меттиг йоккхуш ю Оьрсийчуьрчу регионашна юкъахь.