Дагестанехь контртерроран раж кхайкхийна

Шо доладелчхьана шолгIа контртерроран раж кхайкхийна Дагестанерчу Цумадинан кIоштахь. 2018-чу шарахь полисхоша дIахьон ворхIолгIа лерина операци ю цигахь. КIиран сатосучу хенахь йолийна ницкъахоша лаьмнийн кIоштахь шайн операци, Кванада а, Гимерсо а олучу эвлашкахь контртерроран раж а кхайкхош, хаамбина Дагестанерчу оперативан шатабан (НАК)мвекало.

Цо бахарехь, гIаттамхой а, церан агIончаш а лоьху ницкъаллийн структурийн белхахоша.

Контретторан ражо доьхку адамашна а, некъан транспортна а цхьана ханна дIасалелар.