Телевизионехула халкъаца къамел дийр ду Евкуровс

Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан муьлхха а вахархочуьнан аьтто хир бу Евкуров Юнус-Беке хаттар дала "Халкъаца къамел" телепрограммехь. Иза хир ю Мангалан-беттан 26-чу дийнахь.

Оцу денна хьажийна Магасан а, Несаран а урамашкахь монитораш хIиттор ю, гIалгIайн хьалханчо бахархошца къамел деш гайта.