Шаьш патриоташ хеташ бу 92% Оьрсийчоьнан махкахой

Архивера сурт.

Кху тIаьхьарчу 18 шарахь ца хиллачу кепара алсамдаьлла Оьрсийчохь шаьш патриоташ хетачу нехан дакъа. Цунах лаьцна хаам бина юкъараллана хетарг толлучу ерриг Оьрсийчоьнан центро (ВЦИОМ).

Оццул чIогIа шаьш патриоташ хеташ бацара цу пачхьалкхан бахархой, 2014-чу шарахь ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа а. Оцу шарахь ВЦИОМ-мо шозза бира цу хьокъехь таллам, амма патриотийн гайтам 81% а, 82% а бен бацара.

ТIаьххьара патриотийн терахь къастийра ВЦИОМ-о 2016-чу шарахь. Цуьнан жамI дара - 80 % талламехь дакъалаьцна нах.