Соьлжа-ГIала Ифтаре кхойкху бахархой

Оршотан суьйранна Соьлжа-ГIаларчу Коьртачу маьждигна уллорчу майданахь Ифтар ду дIахьош. Рамаданан 26 - чу буьйсанна нахе марханаш дастийта шаннаш хIиттош ду регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Муьлххачу а республикан кIошташкарчу бахархойн таро ю масаьрца а цхьана марха даста.

Ифтар доладале цхьа сахьт хьалха зуькар дийр ду, Мовлад доьшур ду, Далла хасатамаш беш. Марха даьстинчул тIаьхьа нашидаш олуш, барам кхи дIахьур бу.