Рамадан беттан юьххьехь Нохчийчоьнан кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министралло дIакхайкхийна хиллачу республикан акцин жамIаш дина еарин Iуьйранна. Мархийн бутт чекхбаллалц хIора Iуьйренан ламаз Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждигехь динчу 14 шаре кхаччалц болчу кхиазхошна совгIаташ лур ду аьлла, кхайкхийнера хьукмато. Барам вовшахтоьхначара бахарехь, 40 гергга беро дийнна баттахь Iуьйренан ламаз маьждиге а оьхуш, дира.
Царна массарна а совгIаташ дина, ткъа 10-нна велосипедаш елла. "Кадыровн цIарахчу фондан чоьтах дина ду совгIаташ", - аьлла, дIакхайкхийна министраллан урхалхочо Ибрагимов Iийсас.