Дуьненчуьрчу бусулбанаша марха достуш ду

Дуьнечуьра боллу бусулбанаш марха достуш бу тахана. Рамазан-бутт, нохчаша ма-аллара, мархийн бутт – уьссалгIа бутт бу бусулба рузманахь. Иза уггар лоруш а, сий деш а бутт бу. Мархийн бутт кхабар Ислам-динан баккхийчу бIогIамех цхьаъ бу аьлла Iеламчаша.

Марханаш кхабар нахана тIехь парз дина, бусулбанаша Мединате хIижрат динчул тIаьхьа шолгIачу шарахь.

Нохчийчуьрчу эзарнашкахь наха юкъахь Iийд дира пIераскан Iуьйранна Соьлжа-ГIаларчу маьждигехь.