ГIирме а, Нохчийчу а ма гIо аьлла Iамерко шайн бахархошка

Оьрсийчоьно дIалаьцначу ГIирме ма гIо аьлла, кхайкхамбина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн департаменто оцу пачхьалкхе лестачу шайн бахархошка. Къилбаседа Кавказца а, Нохчийчоьнца а дIа а тухуш, ГIирма Iамеркахоша кхераме хиларна "кхолгIачу тIегIане" яьккхина. Ишта регионашка ца боьлху Iамеркан консулаллан белхахой а. Векалтан сайтехь бина и хаам.

"Ваха мегар дац ГIирме. ХIунда аьлча, цуьнан ахгIайритIехь кхечу пачхьалкхашкарчу бахархошна дуьхьал зуламаш леладо", - аьлла ду хаамехь.

Ишта векалто билгалдоккху, нагахь ГIирмехь шайн бахархошца цхьа инцидент эккхахь Iамеркан векалтан белхахошна ахгIаритIехь хила дихкина хиларна, сихаллин орца кхачо шайн аьтто цахиларх а.