Диллина кехат яздина Оьрсийчоьнан иллиалархочо Лель Катяс Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Лель кхеташ яц, хIунда дихкина шена Нохчийчохь концерташ ялар.
Инстаграмерчу шен пена тIехь кхайкхамбина артисто Кадыровга. 2008-чу шарахь дуьйнна Нохчийчоьнан халкъан артист ю ша, цунах дозалла а до. Уггар а халчу хенашкахь Кадыровс гIоьналла латтийна шена адамаллица а, нийсонца боху Лель Катяс.
"Со кхеташ яц, хIун бахьана ду ас лоручу, исбаьхьчу, дуккха а шерашкахь соьга сатуьйсучу, со езачу ладогIархошна концерташ яла Нохчийчу со ца кхайкхаран", - аьлла, дIахьедина артисто.