Путинца цхьаьнакхета лерина ву Трамп

Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца Европан цхьахйолчу пачхьалкхехь кху аьхка цхьанакхета тарло Iамеркан президент Трамп Дональд. The Washington Post хьостано бо и хаам, Трампан администрацерчу цхьана лакхарчу даржхочун хаамна тIе а тевжаш. КарабогIучу баттахь НАТО-н пачхьалкхийн куьйгалхошца кхеташонехь Европехь хир ву Iамеркан президент.

Ши президент цхьанакхета мега Австрехь. Саммит тIеэца шаьш кийча хиларх официалехь схьахаийтина оцу мехкан Iедалша.

"Въетнамехь яхначу гурахь Путинца цхьанакхетар хиллачул тIаьхьа дуьйнна иза КIайчу цIийне кхайкха дуьххьара интерес хаийтира Трампа. Иза кхойкхуш, кехат кечде аьлла, тIедиллинера тхуна", - аьлла газете Трампан администрацин белхахочо.