1500 боьхна доьзал меттахIоттийна шаьш, боху Нохчийчуьрчу муфтис

Нохчийчуьра муфти Межиев Салахь.

Боьхначу 1500 доьзалан барт а беш, уьш юха вовшахтоьхна шаьш аьлла, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане муфтис Межиев Салахьа. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино.

Нохчийчуьрчу хIора а гIалахь, кIоштахь белхаш дIахьош ю Iедало цу Iалашонца кхоьллина леррина комиссеш.

Амма церан болх цхьатерра реза хиларца т1еоьцуш бац республикехь. Баъхархошна хетарехь, цу наха лелориг 1едал нехан чоьхьарчу дахарна юкъагIертар ду.