Нохчийн меттан гIаролхо
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийн мотт, шен хила богIучу филологин гурашка а боккхуш, тIаьхьенашка дIалучу, къоманна эшаре хьаьжча, дукха а боцчу Iилманчех ву Солтаханов ИбрахIим – Нохчийн Университетан филологин факультетан декан. Кху муьрехь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума ю школашкахь берашна, оьрсийниг Iамийчхьана, кхидолчу къаьмнийн меттанаш хьехар тIерадоккху низам кечдеш. Амма дац и низам ИбрахIимах хьакхалуш – иза цкъа а реза хир вац нохчий шайн мотт Iамо декхаре бац бохучуьнца.