Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчоьнан футболан тоба финалан 1,8 декъе ялар дуккхаъчу гIаланашкахь буьйсанна даздира. Делахь а, церан толамах баккхийбийраш массанхьа а бацара. Масала, командан кхиамо дог дохийнера Нохчийчоьнан бахархойн.
"Политикех йоьзна яц спорт" бохуш, халкъалахь леллачу аларх таханалерачу дийнахь архаизм хилла.
Хууш ма хиллара, спортан турнираш дIахьочу заманчохь нахана йицло шайн юкъара проблемаш, ткъа уьш яц церан хIуммаъ а кIезиг.
Кху деношкахь Оьрсийчохь йоьдучу дуьненан чемпиоанто а до цунна тоьшалла. Мисарарчу а, СаIуда Iаьрбийчоьнан а футболан тобанашца хиллачу ловзаршкахь баьхначу толамашна хIинца а гIадбахна а ца бовлу оьрсийн фанаташ.
Уггар а бакьболу Оьрсийчоьнан патриоташ беха регионехь бохуш, чIагIонаш йо Кадыров Рамзана. Оцу логикаца а догIуш, Оьрсийчоьнан футболан тобан триумф кхи а шуьйра язъйан догIура махкахь. Амма ца хилира даздарш.
"Деха лаьттар дац и хазахетар"
Харжамашкахь Путин Владимирна 100 процент кхаьжнаш лучу республикехь, Мисарара тоба эшийча, цхьа а ара ца велира хелхарш дан. Мелхо а ладоьгIча, нохчех кIезиг бу оьрсийн спортехьа берш.
"Лаа дац Мисаран вовшахтоьхначу футболан тобане Соьлжа-ГIалахь куп тохийтар... Нагахь толахь - memento mori (латинхойн маттера гочдича "валар диц ма де")" аьлла, цаьрга къадийча санна, - ироница боху Баймурадов Руслана.
Бразилица я Германица Оьрсийчоьнан тоба тасалахь, цуьнан фанаташа муха зурма локхур ю хаа лууш ву Iилмади Шайхо.
"Гена гIур дац баккхийбер", - аьлла, тешна ву Джамалов Артур.
Массо а спортан къийсадаларшкахь Оьрсийчоьнна дуьхьал хуьлуш бу нохчий тIаьххьарчу 20 шерачохь. Меттигерчу спортан аналитико Мохьмада, шен фамили яккха ца лиира цунна, хиллачу тIемашца дузу и хьал.
"Нохчийчохь хилла ши тIом бахьана долуш, вас йисина вайн дегнашчохь, - дуьйцу цо. - Бакъдерг аьлча, ледарчу тобанна сагатдан а ца лаьа", - элира цо.
Делахь а, даим ца хилла ишта. Советан заманахь Нохчийчуьра жима а, воккха а вара пачхьалкхан футболан тобан фанат. Массо а футболхо хIетахь къоман турпалхо хетара. ХIинца а безамца дагалоьцу фанаташа хIетахьлера спортхой.
1970-чу шерашкахь дуьйнна футболца уьйр латточу Дагаев Хьасанна хаьа къоман вовшахтоьхна тоба ларар юкъара дIа стенна даьлла.
"Советан Iедал долчу хенахь массо а стаг бакъонаш йолуш, пачхьалкхна хьалха цхьа декхарш а долуш вара. Ткъа хIинца Оьрсийчоьнан Iедало пачхьалкхехь хIоранна а цхьабоса ца латтайо бакъонаш. Адамашна а, Iедална а юкъахь пен бу", - боху дог доьхначу "Ахмат" клубан фанато.
Нохчийчуьрчу вахархочунна Iалавдина (шен цIе яккха ца лиира цунна) хетарехь, Оьрсийчоьнан футболан тобанна юкъахь бераша дозалла а деш, царех тарбала а гIерташ, ловзархой бац.
"ХIунда бац оцу командехь Роналду, Месси, Салахь саннарш? Мисарарчу тобанца вайн футболхойн матч йолаялале, вайн ловзарх ца дуьйцуш, шина сахьтехь Салахь юкъавер ву-те я вац бохуш, къийсир-кх", - оьгIазе дуьйцу Iалавдис.
Матч йирзинчул тIаьхьа хиллачу къамелашкахь нохчаша къайла ца хьора, шаьш Мисаран тобанна сагатдина хиларх. Амма мохь тоьхна шайна хетарг ала, даим а санна, ца хIуьтту уьш.
Нохчийн пачхьалкхан университетан студенто Алихана а элира, шина а матчехь ша Оьрсийчоьнна дуьхьал ловзучаьргахьа вара аьлла.
"Тхан цIийнах цхьа а вацара Оьрсийчоьнехьа. Футболехь-м хIунда дуьйцура, вуьшта а", - велар эккхаш боху жимчу стага.
Артиклан автор Исаев Руслан, гочйинарг Димаева Лиза