Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчуьрчу доьзалийн токхо билгалйоккхучу рейтинго гайтарехь – ши бер хIусамехь долчу доьзалийн дахар тоамечу даьлла.
Стохкалерачу шарца дуьстича, кхушара царна тIебогIу пайда 11 проценте кхиина.
Ткъа деталашкахь бинчу талламан жамIаша, Къилбаседа Кавказан массо а республика рейтинган тIаьххьарчу могIарехь ю боху.
Уггар а гIуллакхаш дика долчух ю Ставрополан кIошт – цигахь ши бер долчу хIусаман карахь дайаза дуьсу (берхIитта эзар ялхийтта сом)I80I6 сом.
Цунна тIаьхьа ю Къилба ХIирийчоь - 10724 соьмаца, кхи дIа Кхарачойн Чергазийчоь - 8490 сом.
ГIалгIайчоь - 7125, Нохчийчоь - 6794, Дагестан - 5098.
ГIаддайна хьал ду ГIебарта-Балкхаройчохь - 1220 сом дуьсу царна.
Пачхьалкхехь а уггар ледара хьал ду цигахь. 2016-чу шарахь оцу республикехь кхи а дала тоьхна дара, оьшург эцначул тIаьхьа карахь дуьсург 1970 сом бен дацара, ткъа стохка мел а тоделлера хьал.
ШолгIа шо а ду хIотточу рейтингехь и лахара терахьаш гойту, делахь а ши шо хьалха Дагестанал хьалхаяьллера республика, хIетахь 5036 сом дара доьзалехь дуьсург.
Ткъа 2014-чу шеран барамашца 10550 сом вовшахкхетара. Ала догIу, ГIебарта-Балкхаройчоь Къилбаседа Кавказехь хьелаш лахделлачу мехкашлахь лидер хилар.
Дагестанехь 73 процентна тоделла догIу хьал. Ахчане диллича, терахьаш дикка битаме ду: 2016-чу шарахь дисина ахча 2943 сом, в 2015-чу шарахь - 2381. Ишта а ледарчу хьолера ситуаци кхи тIе а эшна йогIу.
Жимма а кхачаме даьлла Кхарачойн-Чергазийчохь а, ГIалгIайчохь а, Къилба -ХIирийчохь а бехачу доьзалийн хьал.
2016-чу шарахь шина бераца хене бовлучу Ставрополан кIоштарчу доьзалшна шайн таро йинчул тIахьа бухадуьсург дара 6359, 6526 а 7441 соьмаш.
Ткъа Нохчийчохь ситуаци хаъал телхина. 2016-чу шарахь доьзалшкахь бухадуьсура 10750 сом, ткъа карарчу хенахь 6800 эзар соьме охьадаьлла. Цхьа бер хене даккха оьшучу ахчан барам лакхабаларца дузу и хьал эксперташа.
Доккхачу декъанна нохчийн доьзалашкахь кхоккха бер хиларна кхеташ ду цара халла лол бетташ хиларх.
Ши шо хьалха кхи а дика дара Нохчийчуьра жамIаш – 12 эзар сов сом охьадиллина хуьлура бахархойн.
Нохчийчоьнал а хьалхаяьлла йогIу Ставропол, цигарчу бахархойн хьал даим а Къилбаседа Кавказан мехкашкахьчул а токхе лаьтта.
Ткъа 2014-чу шарахь Нохчийчоьнан а, Ставрополан кIоштан а гайтамаш цхьатерра бара – 16342 сом бухадуьсура ши бер чохь долчу хIусамехь.
ТIаьххьара ситуаци цIеххьана хийцаялар экономисташа бахарехь, 2014-чу шарахь иккхинчу кризисна йина реакци ю.
Цхьайолчу регионашкахь кхи дIа ситуаци талхар хила тарло экономикехь тенденцеш негативе хиларна.
Рейтинган жамIашна тIеIаткъам бен факторш а йицъян мегар дац. Хьалхара – юккъера схьаэцна алапан барам ларар, Къилбаседа Кавказехь чолхалла лаьтту цуьнца, хIунда аьлча, цхьабоса Iедалан тидамера бовлу нахана ханна карош болу белхаш.
Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а дукхахболчу бахархоша конверташ чохь оьцу алапа бен кхи тIебогIуш пайда бац царна.
Рейтинг хIоттош кхи цхьаъ а Къилбаседа Кавказана коьрта билгало тидаме ца эцна – бахархоша оьцу пособеш а, пенсеш а.
Цундела рейтинган жамIаш нийса ца хила а тарло.
Амма мухха делахь а, Iорадаьхначу терахьаша гойту, Къилбаседа Кавказерчу республикашлахь экономикан хьал да воккхавер воцуш хилар.