Хи чу а дахана, кхо бер делла Нохчийчохь

Архивера сурт.

БархI шо долу кIант велла Мангал-беттан 19-чохь Шелан кIоштарчу БелгIатахь. Иза хи чу вахана цу эвлан йистерчу Iома чохь луьйчуш.

Оццу дийнахь цу тайппа бохам хилла Невран кIоштахь а. Капустино эвлан йистехь хи чу а вахана кхелхина 10 а, 11 а шераш долу ши кIант. И шиъ а хилла цигахь луьйчуш, тIухьожуш воккханиг а воцуш.