Нохчийчоьнан Iедалан куьйгалхо хIоттор ву тIедогIучу кIиранах

Кадыров Рамзан а, шен уллерчу накъосташца.

Нохчийчуьрчу Iедалан керлачу куьйгалхочуьнан цIе йовзуьйтур ю тIедогIучу оршотан дийнахь. Цунах лаьцна хаам бина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, социалан машанехь.

Цо дийцарехь, Мангал-беттан 25-гIа де тIекхаччалц министрийн кабинетана куьйгалла дийр ду Iедалан ден хьалхарчу когаметто Закриев ИбраьхIима.

ХIинццалц цу даржехь хилла Эдельгериев Абубакар хIоттийна Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча.