Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло кхайкхам бина Оьрсийчоьне, Приднестровьера Молдован Республикера эскарш арадаха аьлла. Цу хьокъехь леррина резолюци тIеэцна Инарлан Ассамблеяно, Молдован а, Канадин а, ткъа иштта цхьамогIа Малхбалерчу а, Юккъерчу а Европерчу пачхьалкхийн дехарца.
Цу резолюцин проект тIеэцарехьа кхаж тесна 64 пачхьалкхо. Дуьхьал хилла 15, шайна юкъахь Оьрсийчоь а, Боларуси а, Эрмалойчоь а, Къилбаседа Корей а, Шема а йолуш. 83 пачхьалкх кхаж ца тосуш сецна.
Резолюцина критика еш вистхилла Оьрсийоьнехьа ойланаш йолу Молдован президент Додон Игорь а.
Оьрсийчоьнан эскарш дIатардина ду Приднестровьехь 1992-чу шарахь дуьйна, цхьана декъана Советан Пачхьалкхах дисина герз лардан.
Молдовано дуккхазза а дехна уьш цигара дIадахар.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлан Ассамблеяно тIеоьцу резолюцеш хьехар даларан амал йолуш ю, уьш кхочуш ца йича а мегаш ду.