Некъан полицехь болх бийр бу СаIудерчу зударша

СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкх -- Машен хахка Iамош доьхка дIатосуш ю СаIудера жима зуда. Джидда, 2018 шо.

Мангал-беттан 24-чохь дуьйна СаIудийн Iаьрбийн Пачхьалкхан Iедалша машенна урхалла дан бакъо елла зударшна. Цуьнца цхьаьна урамашкахула леларан бакъонаш ларъярна терго ечу хьукмато балха эцна хьалхара 40 зуда.

Зурий-эпсарша къастор ду некъавзам хиларца доьзна гIуллакхш, хаам бо The National зорбанан гIирсо. Некъан полицехь болх бан хаьржина зударий бу цу балхана оьшуш долу дешар дешна.