Дакаев СаIидбек. Куйно хотту...

Дакаев СаIидбек

КУЙНО ХОТТУ...

Нохчийн куйно
ТӀетиллале хьалха хотту:
«Шен бозалла
Лалур дуй-те хьоьга, хӀай?
Ма моьттийла
Хьуна, хир бу лело атта,
КӀеда хиларх,
Хиларх пиллаг санна байн.

Куй тӀетуьллу
Корта лаца, ворта яцахь,
Хаьий хьуна,
Хийла да сох кхаьрдар вуй?
Нагахь куйнан
Доладан хьо къонах вацахь,
Куьг ца Ӏуттуш,
Биталахь ша болччохь куй…»