Your browser doesn’t support HTML5
Дакаев СаIидбек
САН БУЬЙСА
Тийналла луьйсуш,
ДӀатийна буьйса.
Лаьтта тӀелетта,
Серло ю беттан.
Стигланан бога
Седарчех догу.
Ас екхна буьйса
Ӏаламца къуьйсу.
ХӀавао тийна,
ГӀа-бецах ийна,
Мерза чам кхоьхьуш,
Сан мере оьхьу.
Даг тӀера кхехкаш,
Мох санна чехка,
Ойланаш кхерсташ,
Жималле леста.
Лар тегна некъаш,
Ченан кӀур текхош,
Когаш кӀел дуьйший,
Марзоне хуьйшу.
Серлоно туьйсу
Сийна суй кхуьйсуш,
Генара седа
БӀаьргаш чу леда.
Сан бертахь ловза,
Дуй биъна тховса,
Буьйсано хьоьстуш,
Ойланаш йосту.