МеракIантана йиттина десте лаьцна Нохчийчохь

Жимачу кIантана етташ Интернетан машанашкахь даржийначу суьртийн, видеоматериалийн тоьшаллийн бух тIехь Хьалха-Мартанарчу прокуратурано талламбина. Резинан тIийриг йиттина хилла шен 8 шо долчу меракIантана дестечо. Лоьраша теллича гучудаьлла кIентан дегIа тIехь кеп-кепара чевнаш хилар.

Прокуратурано йоллу материалаш кхеле дIахьовсийна. Зудчунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх кхи дIа талла долийна.