Шелковскехь ягорг чохь йолу яйнаш лилхина, лазийна нах

Ягорг чохь йолу лаьтта бухара 4 яй иккхина еаридийнахь суьйранна. Нохчийчохь оцу бахьанашца яьллачу цIергахь зенаш хилла 4 стагна. Шелковск эвлана километар бен гена йоцчу бензин дуттилехь хилла и бохам.

Ницкъаллийн структурийн белхахошна тIе а тевжаш, ТАСС агентало хаамбарца, велла стаг вац. Орцан министраллехь дIахьедина, цIе ерриг дIаяйина хиларх а.