Макажахь а, Хойхь а маьждигашкахь талламаш болийна кху деношкахь Ведана кIошатан къедас, муфтиятан тIедилларца.
"Зеран коьрта Iалашо ю маьждигийн хьоле хьажар, ламаз оьцу чоьнаш а, кешнийн дозанаш а, имамаша шайн декхарш муха кхочушдо таллар а", - аьлла, дIахьедина Нохчийчуьрчу муфтиятехь.